Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Бер жималлехь дуьйна а бусалба дине марздалийтархьама, ламаз д | Ийманехь бераш кхиор

Бер жималлехь дуьйна а бусалба дине марздалийтархьама, ламаз дайта а деза, марха кхабийта а деза, иштта кхийолу Iамалаш а кхочушъяйта еза цуьнан ницкъ кхачаран барамехь. Жимчохь дуьйна бер бусалба дине марз ца дича, доккха хилча цунна марздан хала хуьлу, Дала Шен къинхетам бина цунна и марз ца дахь, хьан ницкъ а кхочур бац цунна и марзадан, тIаккха иза тиларчу даха а герга ду

Тахана гуш ду вайна бераш муха кхуьуш ду: телефонаш, компьютерш, мультикаш, ловзарш бен, кхин гуш хlyмма а дац царна.
leламнаха боху: «Мультикашка хьежаро и бер доккха хилча а шен бераллехь дуьсуьйту, хьекъал а, кхетам а и мультик санна дуьсу цуьнан. Къонах ца кхуьу цунах». Мультикаш чуьра а, ловзарш чуьра а шайолу цle хаьа берашна, амма вайн динах хlумма а ца хаьа! Бехк а бац церан ца хиъча а. Дийнахь а, буса а шайна гуш-хезаш дерг бен хаа йиш а ма яц царна. Цундела мультикашца а, ловзаршца а кхиънарг къонах кхуьур вац, мелхо, шен бераллехь вуьсур ву и.
Иманехь а, динехь а хир ву Элчанан а, цуьнан асхьабийн а дийцаршца кхиънарг.