Получи случайную криптовалюту за регистрацию!

Аллахlан цlерш

Логотип телеграм канала @asmaul_husna — Аллахlан цlерш А
Логотип телеграм канала @asmaul_husna — Аллахlан цlерш
Адрес канала: @asmaul_husna
Категории: Религия
Язык: Русский
Количество подписчиков: 2.21K
Описание канала:

Аллахl веза - И вовза веза, Цуьнан цlерш а, куьцаш а lамош.
Вайца зlе:

Рейтинги и Отзывы

3.00

2 отзыва

Оценить канал asmaul_husna и оставить отзыв — могут только зарегестрированные пользователи. Все отзывы проходят модерацию.

5 звезд

1

4 звезд

0

3 звезд

0

2 звезд

0

1 звезд

1


Последние сообщения 2

2022-04-09 14:06:06
3.0K views..., edited  11:06
Открыть/Комментировать
2022-04-01 18:29:44 Марха кхабаран нигат:

Нигат до меттиг - дог ду, цуьнан бух: «Iамалш, нигаташка хьажжина ю» - аьлла долу хьадис ду.

Мархийн баттахь хIора буса нигат дан деза, ткъа нигат дан мегаш йолу хан - маьркIажал тIаьхьа, Iуьйра хан хила герга яххалца ерг ю. Ткъа мархийн бутт боцуш кхеча беттан марханаш суннат марханаш ду, цунна нигат дийнахь дан а мега марха дохош долу муьлхха а бахьнех ларвелла хиллехь.

Кхана Рамадан беттан парз марха кхаба хьан ойла хилар, лаам хилар, - иза хьан нигат ду.
3.1K views15:29
Открыть/Комментировать
2022-04-01 18:27:18 Тховса марха лаца деза, кхана багахь марха хила деза бохург ду и
4.1K views15:27
Открыть/Комментировать
2022-04-01 18:18:13 #Саlудия


Рамадан беттан 1-ра де - кханалера Шота де ду. 2-гlа апрель, 2022 шо.
5.7K views15:18
Открыть/Комментировать
2022-04-01 11:45:37
К1енти сема бу))
3.0K views08:45
Открыть/Комментировать
2022-03-28 06:05:06
«Цхьа а хIума дац Цунах тера. Хезаш а, гуш а ву И»

https://t.me/Asmaul_husna
2.6K views03:05
Открыть/Комментировать
2022-03-28 05:17:06 الوَاحِدُ ﷻ / الأَحَدُ ﷻ

[Цхьаъ бен воцу Дела]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху:
Боккъалла а, шун Дела - Цхьаъ бен воцург ву. [Сурат: ас-Саффат: аят:4]

И – Цхьаъ бен воцург, Нуьцкъалниг ву» [Сурат: ар-раlд, аят: 16]

Ала [хIай, Мухьаммад]: «И – АллахI - Цхьаъ ву, Шех тоам болу АллахI ву [И]. Цуьнах ваьлларг вац, я Ша цхьаьннах ваьлла а вац [И]. Я Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а [я Цуьнан цIершкахь а, я Цуьнан куьцашкахь а, я Цуьнан белхашкахь а]». [ал-Ихлас: аят: 1/4]

Шун Дела – цхьаъ бен воцу Дела ву. [Кхин] дела вац, И воцург‚ Къинхетамениг‚ Къинхетамбийрг Ша волу. [Сурат: ал-Бакъара, аят: 163]

Ала [хIай, Пайхамар]: «Соьга хаам бина, шун Дела - цхьаъ бен воцу Дела хилар. Бусалбанаш ца хуьлу, ткъа, шу? [я МуьтIахь ца хуьлу, ткъа, шу АллахIана?]» [ал-Анбийаъ:108]

Тайп-тайпанара дуккха а деланаш бу-те гIолехь я Ша Цхьаъ волу, Нуьцкъала волу АллахI ву-те?
[Сурат: Юсуф, аят: 39]

Ала [хIай, Пайхамар]: «Соьга хаам бина, шун Дела - цхьаъ бен воцу Дела хилар. Бусалбанаш ца хуьлу, ткъа, шу? [я МуьтIахь ца хуьлу, ткъа, шу АллахIана?]» [ал-Анбийаъ:108]

Ала ахь [хIай, Мухьаммад, цаьрга,]: «Боккъалла а, со а ду шу санна адам. [Дала] хаам бина соьга: шун Дела - Цхьаъ бен воцу Дела ву. Нийсачу новкъа а нислой, тIегIо Цунна». [Сурат: Фуссилат: аят 6/7]

Керстаналла дина олучара: «Кхааннах кхоалгIа ву АллахI [керстанийн динан дела-да, дела-кIант, дела-са маьIнехь болу кхетам]». [Кхин] дела вац, цхьаъ бен воцу [АллахI] Дела бен! Нагахь шаьш дуьйцучух уьш юха ца бовлахь, - царех болчу керстанех лазош долу [я балане] Iазап хьакхалур ма ду. [ал-Маъида: 73]

ХIай, Жайнин охIла! Барамал тIех ма дийла шайн динехь. АллахIан хьокъехь бакъдерг бен а ма ала. Боккъалла а, Марьяман кIант Масихь - Iиса - АллахIан элча а, Марьяме Цо тесна Цуьнан Дош а, Цуьнгара Са а ду. Иман дилла, ткъа, АллахIе а, Цуьнан элчанашка а. Ала а ма ала: «[Дела] - кхоъ ву [дела-да, дела-кIант, дела-са]!». ДIасовца [и ца олуш] - иштта дикох хир ду шуна шайна. Боккъалла а, АллахI - Цхьаъ бен воцу Дела ву. ТIехцIена ву И Шен кIант хиларх. Цуьнан ду стигалшкахь мел дерг а, лаьттахь мел дерг а. Тоьуш ду-кха Iуналхо а, Iалашдархо а АллахI хилар! [Сурат: ан-Нисаъ, аят: 171]

АллахIа элира: «Iибадат ма де шина далла, хIунда аьлча Дела цхьаъ ву. Сох цхьаннах кхера».
[Сурат: ан-Нахьл, аят: 51]

Ала [хIай, Мухьаммад]: «Хьенан тоьшалла ду уггаре а коьрта?». [Ахь айхьа] жоп ло [хIай, Пайхамар]: «АллахI теш ву суний, шуний юкъахь. ХIара Къуръан, хаам а бина, делла соьга – цуьнгахула соьга лардайтархьама шу а, и [Къуръан] шайна дIакхаьчнарш а. Боккъалла а, тоьшалла до, ткъа, аш, АллахIаца цхьаьна кхин а деланаш хиларна?». Ала [хIай, Мухьаммад]: «Ас-м ца до и тоьшалла». Ала [хIай, Мухьаммад]: «Цхьаъ бен воцу Дела ву И [АллахI]. Со декъахь а ма вац Делаца аш накъостий барна [ширк дарна]».
[Сурат: ал-Анlам, аят: 19]

И [АллахI] - стигалийн а, лаьттан а, царна юкъахь мел долчу хIуманан а Дела ву! «[ХIай, Мухьаммад!] Цунна Iибадат де ахь. Собаре [доьналле] а хила хьо Цунна Iибадатдарна тIехь. Кхиниг хаьий [вевзий] хьуна иштта цIе йолу [я Цуьнах тераниг хаьий (вевзий) хьуна]?». [Сурат: Марьям, аят: 61]

АллахI - цхьаъ ву, Шен куьцашкахь а, белхашкахь а, Делаллехь а. Цу дерригенехь Шеца цхьана а тайпана накъост воцург ву И.

«ал-Вахьид» аьлла йолу Аллахlан цIе Къуръан чохь [22] - хьахийна. «ал-Ахьад» аьлларг цкъа хьахийна.

https://t.me/Asmaul_husna
2.3K viewsedited  02:17
Открыть/Комментировать
2022-03-28 05:17:02
1.6K views02:17
Открыть/Комментировать
2022-03-26 06:59:16 القَيُّومُ ﷻ
[Дахар латтош Верг а, дерриге гIуллакхаш лелош Верг а ву И.]

Лекха-Сийлахь волчу Аллахlа боху: «АллахI – кхин дела вац, И воцург‚ [Ша даиманна] дийна волу, [Шен Iуналлица дахар] латтош волу» [Сурат: ал-Бакъара, аят: 255]

[Адамийн] яххьаш муьтIахь а хилла [хьаста а елла] дIахIуьттур ю Дийначунна, дахар латтош Волучунна хьалха [къематдийнахь].
[Сурат: Тlо - хlа: аят: 111]

Цхьанне хlумангахь, хlуммане а хьашт воцург, Шеца кхачаме верг, массо хlума - Ша бахьана долуш лаьттарг, Ша виссалц, массо хlума Шега хьашта дерг.

«Ал-Къаййум» аьлла йолу Аллахlан цIе Къуръан чохь кхузза хьахийна.

https://t.me/Asmaul_husna
2.2K views03:59
Открыть/Комментировать
2022-03-26 06:57:03
1.5K views03:57
Открыть/Комментировать